Никейн гуо лацар (1097)

ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа Никейн гуо лацар (1097).
Никейн гуо лацар (1097)
Коьрта конфликт: Хьалхара жӀарахойн тӀелатаран гуран чохь
Никейн гуо лацар, миниатюра, XIII бӀешо
Терахь 1097 шеран 14 май19 июнь
Меттиг Никей
ЖамӀ ЖӀарахойн а, Византийн а толам
МостагӀий

ЖӀарахой
Византийн империн эскар

Сельджукаш

БӀаьччаш

Готфрид Бульонан
Раймунд Тулузин
Боэмунд Тарентан
Мануил Вутумит

Кылыч-Арслан I

Массон ницкъаш

60 000 гергга

80 000 гергга

Белларш

5000 вийна
10 000 чов йина

25 000 вийна
15 000 чов йина

Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Никейн гуо лацар нисделла Хьалхара жӀарахойн тӀелатарехь 1097 шеран 14 майра 19 июнь кхаччалц болчу муьрехь.

Никей

Никей, хӀинцалера Изник гӀала лаьтта Туркойчоьнан къилбаседа-малхбузехь, дӀалоцура географин агӀора чӀогӀа аьтту болу меттиг. ГӀала йара Асканан Ӏоман малхбален бердаца, цуо аьтту бора лулахошца махлелоран йукъаметтигаш кхиорехь. Вукха агӀора иза ларйора лаьмнаша — тӀелатархошна йолу Ӏаламан дуьхьало. Гуонахьара хьена латтанаш тӀехь йаккхий хьаннаш кхуьура. Цул сов, Никейн, Стефан Блуан тешаллица, пенаш лардора[1] дика чӀагӀйина кхо бӀе гергга бӀевно:

… гӀала чӀагӀйина гӀопан пенашца, царна хьалха йаьккхина хих йуьзина саьнгарш, иза царна чу догӀура кегийра шовданашна чуьра, гӀалин гуо лаца луучарна иза йоккха дуьхьало йара. Кхин дӀа, гӀалахь шортта майра бахархой бара; стаммий пенаша, вовшешна гергахь йолу лекха бӀевнаша, йаккхалур йоцу гӀала аьлла сий айинера[2].

Йуьхьанца Никей Византин йара, амма гражданийн тӀом болабеллачул тӀаьхьа, 1077-1078 шерашкахьиза йаьккхира сельджукаша, тӀаккха Руман султанатан коьрта шахьар йира. Керстачеран эскаро Ахархойн жӀарахойн тӀелатарехь 1096 шарахь гӀалин йисташна талораш дира, ткъа цул тӀаьхьа хӀаллак йира бусалбачара. Атта толам баьккхина, султанна Кылыч-Арслан I-чунна хийтира, жӀарахойн шолгӀа тулгӀе кхераме хир йац аьлла, цӀахь доьзал а, хӀазна а йитина, малхбалехьа ДанишмендгӀаьргара Малхбален Анатолера Мелитена йаккха вахара.

XI бӀешо чекхдолуш, Малхбузен Европехь дийнна цхьа могӀа бахьнашца (уггаре хьалха экономикин а, демографин а амалера) ийшира Ӏийса пайхамаран وصلة= каш мукъадаккхаран Ӏалашонца жӀарахой тӀелатар[3]. 1095 шеран 26 ноябрехь, Руман папас Урбан II-гӀачо, Клермонан килсан гуламехь, кхайкхам бира Малхбалехьа дахана, Къудс-ГӀала бусалбачеран олаллера мукъайаккха, жӀарахойн тӀелатарехь дакъа лаьцначеран къинош дӀадохур ду, доьзал а, бахам а ларбийр бу, декхарех мукъа бохур бу ша аьлла. Оцу ойлано йерриг Малхбузен Европин керстачеран пачхьалкхаш дӀалецира. Сихха кечдина къехойн тӀелатар чекхделира буьззина иэшамца — берриш аьлча санна цуьнан декъахой хӀаллак бира сельджукаша[4]. Мелла а тӀаьхьа араделира норманнийн, французийн, германийн къонахойн феодалийн эскар. Эскар дийнна цхьаъ дацара, хӀунда аьлча хӀора феодало гулбора шен вассалаш (куьйга кӀеларнаш), ткъа церан коьртехь болчу тӀеман баьччаша тхьамдалла къуьйсура вовшашца[5].

Хьалхара хиламаш

Коьрта йаззамаш: Клермонан килсан гулам, Хьалхара жӀарахойн тӀелатар, Ахархойн жӀарахойн тӀелатар

Толамал тӀаьхьа

ЖӀарахой арабевлира Никейра 1097 шеран 26 июнехь кхин дӀабахара къилбехьа, Антиохе. Авангардехь богӀура Тарентан Боэмунд, Танкред, Нормандин Роберт,Фладрин Роберт. Боламан чеккхенгахь бара Бульонан Готфрид, Тулузин Раймунд, Булонан Балдуин, Блуан Стефан, Гуго Вермандуа. Цул сов Комнин Алексея тӀелата вахийтира шен векал Татикий, иза терго йан йезаш вара бусалбанийн схьайаьхна гӀаланаш Византин дӀайаларан барт кхочуш барна.

Никей йожаро ир-кара хӀиттийра жӀарахой. Толамо чу садиллина Блуан Стефана йаздина зудчуьнга Аделега, шен чот йу пхеа кӀирнаха Къудс-ГӀалин пенашна кӀела кхача аьлла.[1] 1 июлехь керстачеран эскаро Дорилейна гергарчу тӀамехь чаккхенца вохийра Кылыч-Арслан, ткъа октябрехь Антиохин гуо лецира. Кхузахь аьттуно букъ туьйхира жӀарахошна. Гуо лацар дахделира бехха барх баттахь, Къудс-ГӀала уьш кхечира Никейра новкъа бевлла ши шо чекхдаьлча.

Византин гӀо

Гуо лацар дӀадодара башха аьтту боцуш. Керстачеран аьтту ца болура Асканан Ӏам тергоне эца, цунна чухула массарна а гуш «йуург а, оьшург а кхоьхьура»[2]. Никей хин агӀора дӀахадо аьтту белира, императоро Комнин Алексейа жӀарахошна гӀоьнна куьйгаллехь тӀеман баьччанаш Вутумит Мануил а, Татикий а волу флот йахийтича. Кеманаш ворданаш тӀехь далийра 17 июнехь, хин чу а хецна, Никей Ӏомах дӀахадийра. Цул тӀаьхьа жӀарахоша йуха а герз схьаэцна, керлачу ницкъашца тӀелетира гӀалина. Дуьхь-дуьхьала долчу эскарша вовшашна пхенийн а тӀулгийн а догӀанаш деттара, жӀарахой пен бохо гӀертара таранан гӀоьнца.

Билгалдахарш

  1. 1 2 Стефан Блуаский. Письмо к супруге Адели из под Никеи
  2. 1 2 Гийом Тирский. История деяний в заморских краях
  3. Ле Гофф, Жак. Цивилизация Средневекового Запада. — Екатеринбург: У-Фактория, 2005. — С. 83-85.
  4. Эпоха крестовых походов / под редакцией Э. Лависса и А. Рамбо. — М.: АСТ, 2005. — С. 349-350.
  5. Харперская энциклопедия военной истории Дюпюи Р. Э. и Дюпюи Т. Н. Все войны мировой истории. Книга 2. 1000—1500 гг. — М.: АСТ, 2004. — С. 95.

Литература

  • Михаил Заборов. ЖӀарахой на Востоке М.: Главная редакция восточной литературы изд-ва «Наука». 1980. — 320 с.
  • Жозеф-Франсуа Мишо. История крестовых походов Архивйина 2008-01-01 — Wayback Machine М.: Алетейа. 2001. — 368 с.: ил. ISBN 5-89321-071-9
  • Пьер Виймар. Крестовые походы: миф и реальность священной войны. СПб.: Издательская группа «Евразия», 2003. — 384 с. ISBN 5-8071-0130-8

Хьажоргах

  • Матвей Эдесский. Хронография. Взятие Никеи
  • Стефан Блуаский. Письмо к супруге Адели из под Никеи(ТӀе цакхочу хьажорг)
  • Письмо Ансельма Рибемонского архиепископу Манассии II(ТӀе цакхочу хьажорг)
  • Гийом Тирский. История деяний в заморских краях. Книга III
⛭
Византийн-сельджукийн тӀемаш
  • Капетра
  • Манцикерт (1)
  • Кесарей
  • Иконий
  • Манцикерт (2)
  • Никей (1)
  • Антиохи
  • Энос
  • Эгейн хӀорд
  • Никей (2)
  • Никей (3)
  • Филомелион
  • Иоанн I Комнинан кампанеш
  • Мириокефалон
  • Меандран тогӀи (1)
  • Котией
  • Трапезунд
  • Антали
  • Никей (4)
  • Меандран тогӀи (2)
⛭
Гергара Малхбалехь жӀарахойша тӀемаш дар
Дуьххьарлера жӀарахойн тӀелатар
  • Ксеригордон
  • Циветот
  • Никей
  • Дорилей(1)
  • Антиохи(1)
  • Антиохин Ӏоман гергара тӀом
  • Антиохи (2)
  • Маарра
  • Нартол[en]
  • Къудс-ГӀала(1)
  • Аскалон(1)
  • Арсуф(1)[en]
ТӀелатарашна йукъахь
  • Мелитенан гергара тӀом
  • Мерзифон
  • Гераклей(1)
  • Гераклей(2)
  • Ар-Рамлат(1)
  • Ар-Рамлат(2)
  • ХӀарран
  • Артах
  • Ар-Рамлат(3)
  • ТӀарабулус(1)
  • Сайда
  • Шайзар(1)
  • Аль-Саннабра
  • Сармин
  • ЦӀийн аренан тӀера тӀом
  • Хаб
  • Йафа а, Сур а
  • Ибне
  • АӀзаз
  • Марж аль-Саффар
  • Баарин
  • Шайзар(2)
  • Эдесса
  • Босра
ШолгӀа жӀарахойн тӀелатар
  • Дорилей(2)
  • Эфес
  • Меандр
  • Кадмус
  • Димашкъ
ТӀелатаршна йукъахь
  • Инаб
  • Айнтаб
  • Аскалон(2)
  • Хулат
  • Аль-Букаййа
  • Бильбейс(1)[en]
  • Хьарим
  • Аль-Бабейн
  • Бильбейс(2)[en]
  • Дамьетта(1)[en]
  • Монжизар
  • МарджӀуюн
  • Йакъубан гечо
  • Бельвуар
  • Аль-Фуле
  • Эль-Карак
  • Крессон
  • Хаттин
  • Къудс-ГӀала(2)
  • Тир
КхоалгӀа жӀарахойн тӀелатар
  • Кони
  • Ӏакра(1)
  • Арсуф(1)
  • Йафа
ДоьлгӀа жӀарахойн тӀелатар
  • Зара
  • Константинополь
ПхоьалгӀа жӀарахойн тӀелатар
  • Къудс-ГӀала(3)
  • ДамйатӀа(2)
ЙалхолгӀа жӀарахойн тӀелатар
  • Къудс-ГӀала(4)
  • Форби
ВорхӀалгӀа жӀарахойн тӀелатар
  • ДамйатӀа(3)
  • Эль-Мансурат
  • Фарискур
Чаккхенца жӀарахой лахкар.
  • Кайсери[en]
  • Хьайфа[en]
  • Арсуф(2)[en]
  • Антиохи(2)
Чаккхенца жӀарахой лахкар
  • КъалӀат Хьусн
  • ТӀарабулус(2)
Чаккхенца жӀарахой лахкар
  • ТӀарабулус(3)
  • Ӏакра(2)
  • Арвад